Керла куьйгалхо хаьржина Iамеркан Демократин партино

Перес Том.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн белхан министр хилла Перес Том хаьржина Демократин партин къоман комитетан куьйгалхо. Иза хиина Атлантехь хилла демократийн гулам чекхбаьлча.

Пересан дезар ду цу партина куьйгалла дан, Клинтон ХIиллари стохка президентан харжамашкахь эшначул тIаьхьа.

Перес ву Диминиканан Республикерчу мигрантийн кIант. Шен агIончийн гуламехь вистхуьлуш, цо дIахьедар дира Демократин партина реформа йийр ю ша аьлла.