Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн къоман историн йохаллехь дукха а Iаьржа денош хIиттина вайн хьалкъана тIе, амма царах шен къизаллица, адамалла ца хиларца къаьсташ ду 1944-чу шеран, Чиллан-беттан 23-гIа де. Оцу дийнахь нохчийн а, гIалгIайн а къам Совет Пачхьалкхана ямарт хилла аьлла харц бехке дина, жима а, воккха а, шаверг, схьа а гулвина, тIедоха, ког доха а ца вуьтуш, лахьийна цIерпоштан вагонш чу а воьллина, шийлачу Сибре хьажийра. Новкъахь мацаллах, цамгарх веллачун дакъ ара а кхуссуш, дIакхачийра дийна биснарш. Бацара, ткъа цига дIакхаьчнарш а цхьа а дийна стаг воккхавечу хьелашкахь: Юккъерчу Азехь шийла хьоькъучу аранешкахь аракхиссина битира мацалла а, шелонна а бала. Дуьххьара деноша дара адамийн синошна уггар саьхьара: даа хIума ца хиларна а, шелонна а белира уггар гIийланийш – баккхий нах а, бераш а. Амма Делан къинхетамца Iожалана хьалхабовлабелира кхиберш.
Хан мел йолу Юккъера Азе мел ю дIасхьакхоьссинчу вайн къоман дайна гIор меттахIотта доладелира. Кхойтта шарахь меттигерчу бахархойн меттанаш Iамийра, хене бовла бахамаш вовшахтуьхира, деша а, болх бан а меттигаш а нисъелира. Амма генарчу Кавказехь Iуналла дан дай боцуш бисинчу шайн Даймахке сатийсам лахбаларан метта хенан йохаллехь кIорглора. Цунна тоьшалла ду цу хенахь юккъедаьлла вайнаха шайн къамел долош хаттар: вай цIа дохуьйту бохий. И киц хилла дIахIоьттина хаттар тахана а леладо вайнаха.
13 шо хан Сибрех такхийнчул тIаьхьа цIа берза бакъо елира вайнахана. Елира Сталин велла дIаваьллачул тIаьхьа. Тайп-тайпачу тергамчаша далошца терахьашца, 13 шеран оьмрехь ах сов вайнах висира гуттаренна шийлачу Азин аренашкахь, цига буьгучу некъан йохаллехь а дIа а воьллина. ЦIа баьхкича, цхьайолу бакъонаш меттахIиттийнехь а, цхьаерш тахана а меттахIиттоза йуьсу. 1991-чу шеран Оханан беттан 26-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхеташано юккъедаьккхира Репрессиш йинчу къаьмнашна реабилитаци яран хьокъехь низам. Низам делахь а, юхаялаза лаьтта Хасав-юьртан кIошт Нохчийчоьнна, ХIирийчоьнан совгIатана елла Пригородни кIошт хIинцца а юхаерзоза ю ГIайлгIайчоьнна.
Совет Iедал долчу заманехь хьахадойтуьш дацара нохчашка Чиллан-беттан 23 де а, я депортацих дош а. Дийца а, дагалаца а дихкина хиллехь а, цу дийнахь нохчаша депортацин Iазапехь белларш дагалоцуш царна тIера сахь доккхура, моулда йоьшуьйтура.
1991 шарахь Нохчийчоьно шен маршо дIакхайкхича, и де шуьйрра билгалдоккхура Нохчийчохь. Иттанийн эзаршкахь нах гуллора Соьлжа-ГIаларчу майданехь и де дагалаца, ше-шен болу дагалецамаш нахе бийца а, тIекхуьучу чкъурана уьш биц ца балийтархьама. Амма масех шо хьалха хийцаделира шадерг – кхин гул ца ло нах цу дийнахь майданашкахь, кхин ца балхабо шайн дагалецамаш къаноша а. Ма-харра, и де Оьрсийчоьнан эскаран де а ду, цундела меттигерчу Iедалша бохаман де тIаьхьа а теттина, цу дийнахь Оьрсийчоьнан массо а регионехь санна даздо гуттар вайн къоман чалтач лаьттинчу пачхьалкхан эскаран де. Цу дийнахь Нохчийчохь даздарш хуьлу Оьрсийчоьнан эскархошна сийдархьама.
Рузмехь и де тIаьхьатеттина хиларо ца доккху и Iаьржа де нехан дегнаш чуьра дIа. Даймахкахь хилла тIом бахьанехь, дуккха а нохчий мухIажарш дIатарбелла Европехь. Европе кхаьчча нохчий маьрша бу шайна хетарг дIаала а, шайна луу барам вовшахтоха а. Ткъа и санна долу де дагалаца йиш а йолуш тидамза дитар Iазап лайначу вайн къоман иэсана дуьхьал доккха зулам дар санна хIума ду.
Европехь бехачу нохчаша вовшахтоьхна дIабаьхьнера вайн къоманна тIехIоьттина къематде дагалоцуш барамаш масех Европерчу гIалахь: Страсбургехь а, Парижехь а, Венехь а, Ослохь а, Берлинехь а. Европан парламент Страсбургехь хиларна, цига баьхкинера уггар а дукха нохчий а, гIалгIай а. И гуламаш вовшахтухуш, къахьегчарах вара Страсбургерчу гуламехь дакъалаьцна Сулейманов Джамбулат. Цуьнца а, Венехь вехачу нохчий жигархочуьнца Аьрсбекан Абу-Бакрца а, Осло вехачу бакъонашларъярхочуьнца Гисаев Ахьмадца а къамел дира ас цу гуламех лаьцна, и де дагахь латтон дезаран бахьанех а.
Цкъа хьалха Парижехь вехачу Джамбулате делира аса масех хаттар.
Ослохь Оьрсийчоьнан векалтана хьалха а гулам дIабаьхьара цигахь вехачу, Нохчийчоьнан гоьваьллачу бакъонашларъярхочо Гисаев Ахьмада. Цуьнга а хаьттира ца гуламех.
Венехь вехаш волу Аьрсби Абу-Бакрас даггара къахьоьгу Европехь вайн къоман мехаллаш цигахь хьалакхуьчу вайн чкъурана хьоьхуш. 23-чу дийнахь хиллачу гуламана юьстах вуьйсийла дацара Абу-Бакра санна волу нохчо. Цо а дийцира соьга цу гуламех, уьш вовшахтохаран бахьанех а.
Ала догIу, Нохчийчоьнан Iедалша вайн къам махках даккхар официале кепара дага а лаьцна, барамаш дIа ца баьхьнехь а, вайн луларчу ГIалгIайчохь цу бохамана лерина боккха гулам дIабаьхьира. Цунах боккха кхаъ хиллера Нохчийчоьнан бахархошна, амма цу сарахь ГIалгIайчоьнан парламентан спикеро и де тIаьхьатата деза аларо, мелла а кхуьлира царна хилла синхьаам. Теша лаьа, кхин дIа а вайн махках даккхар билгалдоккху де ГIалгIайчохь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь дIахьорг хиларан.
Нохчочуьнан кхетаман дIалаца а, кхета а хала ду вайн къоман исторехь уггар боккха бохам хилла де, кхечу денна тIаьхьа а теттина, цу дийнахь Оьрсийчоьнан эскаран де даздар тIедожийна хилар. Цундела хир дара-кха вайн къоман исторехь Iаьржа де хIоьттинчу дийнахь Оьрсийчоьнан эскархойн де даздечу дукхахболу нохчийн а юьхь-сибаташ йоьллуш ца хилар а. Ткъа нохчашлахь сингаттамех а, бохамех а дуьзна де гуттар Нохчийчохь а Iаьржа де санна нехан дегнаш чохь лаьттар хиларна тоьшалла дара цу дийнахь Майратупахь цхьана керт хьалатоьхначу баннеран йоза: Кхин цкъа а ма йогIийла нохчийн къоманна 1944 шеран Чиллан-беттан 23-чу дийнахь еана шийла Iуьйре!
Нохчийчоь муьлхха а сацам бан а, шена луург дан а маьрша хиллалц, Европехь беха нохчий декхарехь бу шайна кхаьчча маршонах пайда а оьцуш, вайн къоман историн иэса ларъян. Гарехь, вайн къам махках даьккхина де Даймахкахь билгал ца даккхарна, и де билгалдаккха дезаран мехала хьалайолу Даймахкахь арахь бехачу нохчашлахь. Нийса бIостанехь хир бу цу дийнахь дагалоьцурш: Даймахкахь - Оьрсийчоьнан эскархой, ткъа Даймахкал арахь - цу эскаро махках а баьхна, бала Сибре хьовсийна вай дай а, наной а.