Эцначу котамах ун а даьлла, бер делла Кисловодскехь

Кисловодскехь шо кхаьчна бер делла Ставрополерчу цхьана гипермаркетехь эцна кхача баийначул тIахьа, хаамбо бехктакхаман дов айдинчу Талламан комитетан пресс-гIоьнчалло.

Низамхоша бахарехь, Чиллан-беттан 28-чу дийнахь дас-нанас, шина беро туканахь эцна котам а, фри-картолаш а йиина хилла Ставрополе шаьш даьхкича. шайн машен чу а хевшина.

ШолгIачу дийнахь, ун кхетарца доьзна, лаьрашна тIекхачийна хилла йоI елла, боху талламчаша.