Православин килс схьайиллина Нохчийчохь

Шоьтадийнахь Неврехь православин схьайиллина килс. Оцу даздаршкахь хилира ХIинж-ГIалин а, Соьлж-ГIалин а епископш. Баркаллин дош элира епископа Варлаама мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, йоццачу хенахь килсан гIишло йина, дIахIотторна.

Иштта билгалдаьккхира епископа, Шелковск кIоштахь тIейогIучу хенахь кхин а цхьа килс яр Iедало тIелаьцна хилар.