Британин Оьрсийчоьнца цхьаьнакхетар хила тарло

Оьрсийчоьнан Iедало шайх тешо деза, аьлла, дIахьедина оршотдийнахь Британин арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса. Цо бахарехь, я Великобритани а, я Евробертан пачхьалкхаш а дагахь яц Оьрсийчоьнца керла тIом боло.

ТIейогIучу хенахь Джонсон Борис лерина ву Москох Лавров Сергейца цхьанакхета. Шина пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн урхаллийн куьйгалхойн Iалашо ю шина мехкан юкъаметтигаш йийцареян а, Шемара тIом а, Украинера хьал а хьахош.