Закаев Хьасанна 23 шо доьху прокуратурано

Дубровкера театр дIалаьцначаьрца хилла аьлла бехкевечу Закаев Хьасанна набахтехь луьрачу хьелашкахь даккха 23 шо хан тохар дехна прокуратурано аьлла, хаамбо ТАСС агенталло. 2014-чу шарахь Украинера ГIирме дехьаволучу хенахь лаьцна Закаев Хьасан.

2002-чу шарахь Москохарчу Дубровкерчу театрехь «Норд-Ост» мюзикл йоьдучу хенахь динчу тIелатарехь тIемалоша 900 стаг йийсаре лецира.

Кеп-кепарчу хаамашца, оцу зуламехь байира 130 тIера 174-нне кхаччалц нах.