Велла 101 шо долу кху дуьнентIехь уггаре а къена миллиардер Рокфеллер Дэвид. Цунах лаьцна хаам бина The New York Times газето.
Рокфеллер велла Нью-Йорк штатехь шайн дайн хиллачу хIусамехь.
Forbes журналан рейтингаца а догIуш, цуьнан дара 3,3 миллиард доллар.
Рокфеллер Дэвид вара исторехь дуьххьарлера миллиардер хиллачу Standart Oil компани кхоьллинчу Рокфеллер Джонан кIентан кIант.