Your browser doesn’t support HTML5
Исмаилов Абу
Сиха ву со
Беран бIаьра нана санна хьоьжуш,
Сиха ву хьо, соьга эли ахь.
Со хиларна сиха, корта къоьжа,
Некъан дорцо къиза аьгна юьхь.
Ши ког биллал меттиг тоьу цхьанна,
Ткъа вукхунна дуьне готта ду.
Сих а ца луш ваха лиъна хьанна?
Кху дахарах Iаьбнарг мила ву?
Берахь дуьйна кху
лаьмнашкахь ваьхна,
Денна муьйлуш ломан чехка хи.
Хаац суна-м, сан синтем цо баьхьна?
Я хила а хиллий техьа и?
Гина суна: сахуьлучу хенахь
Маьлхан гIаттар, яржош дашо кхес.
Гина суна: бода цоьстуш генахь,
Туьран диттахь тера тоьхна ткъес.
Цец а дуьйлуш, бIаьрла делакъежаш,
Массо хIума беро тергалдо.
Цу ойланца кху дуьнене хьежа,
КIордадарна кхоьру сиха дог.
Сиха хиларх, суна бехк ма билла,
Иштта ю-кха хIара зама вайн,
Лууш ву со цунна «бIиллиг дилла»,
Иза эшош, кхерсто лаам сайн.