Your browser doesn’t support HTML5
Исмаилов Абу
ТIулгийн мукъамаш
БIов лаьтта,
мокхазан бердах
дIаийна.
Мазкъйоьлла
наж санна,
орамаш тIулгех
чекхдийлла,
адамийн куьйгаша
мацах цкъа йоьттина хилла
гIар йоцчу
пондарчас
тIулгашца
даьккхина
илли.
БIов лаьтта
мокхазан бердах
дIаийна.
Десачу
корашца,
бIарзвелла
илланча санна,
гена дIахьоьжу и
лаьмнашна дехьарчу ара.
Стенна
сатуьйсу цо,
ладоьгIу
мила схьаваре?
БIов лаьтта
замано
юкъ йиъна
хара-поп санна.
Яьсса чарх –
лаьтта и,
шийла дарц
син метта
чухула хьийзаш.
БIешерийн
мацалло
бакъийна
цкъа буьзна лаьттина кхийра,
хьо юха хьан бузор-техьа?
БIов лаьтта,
тIулган юьхь
заманан дорцаша аьгна.