«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета йоьдучуьра юха а ерзийна, кхеле хIоттийначу Караулова Варварина 4,5 хан тоьхнера. Кху деношкахь Вологодскан кIоштарчу набахте дIайигина иза аьлла, хаамбина цуьнан адвокато.
Зорбанаша хьалхо дуьйцуш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело Зазадоккхучу-баттахь бехкейира Караулова, цуьнан адвокаташа къинхетамбар доьхушшехь.
Вологда Караулова дIайигарх а, иза муха хьелашкахь латтош ю а цкъачунна цуьнан адвокатна Бадамшин Сергейна хууш дац, гергарчу хенахь дагахь ву иза йолчу кхача.