Вовшашца барт а бина, стаг лачкъорна бехкевинчу Дагестанан ши вахархочунна Идиков Имамудина а, Арсланна а пхиппа шераш хан тоьхна набахтехь яккха. Зорбанашкахь хиллачу хаамашца, 15 шо долу кхиазхо лачкъийнера цуьнан дас схьа ца луш дахдина декхар бахаьана долуш.
Талламо чIагIдарехь, ИдиковгIара стохка ГIуран-баттахь Астрахане а баьхкина, автобусан соьцийлера лачкъийна, дIавигнера и кIант. Деа дийнахь латтийнера цара иза цхьана хIусамехь.