Песков: "Путин кийча вара канцлерна жоп дала"

Путин Владимир «кийча вара дуьззина жоп дала» немцойн канцлерца хиллачу къамелехь аьлла цуьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

"Президенто дийцира ма-дарра хьал, кхетош дийцира, тахана Нохчийчохь хIоьттинчух а, республикан дахарх а", аьлла тIетоьхна Кремлан векало.

Сочехь Оьрсийчоьнан президентца дIадоьлхучу дийцаршкахь Германин канцлера хьахийнера Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярца долчух.