Тел-Авивехь Оьрсийчоьнан векалаллана уллехь демонстраци дIахьош бу ЛГБТ-н жигархой

Тел-Авивера ШолгIачу Дуьненан тIамехь байинчу хIомосексуалашна хьажийна монумент.

ЛГБТ юкъараллан бIеннаш жигархой бу демонстраце арабевлла Израилехь Оьрсийчоьнан Тел-Авиверчу векалаллана уллехь.

Уьш реза бац Нохчийчохь ЛГБТ-на гIело еш хиларна, хаам бо IzRus.co.il сайто.

Цо яздарехь, акцин декъашхоша дIакъевлина Ха-Яркон олу урам.