Сталинграде, Нурадилов Хампашин сий деш

Нохчийчуьрчу дешархоша дакъалоцур ду Волгоград махкарчу Нижнехопёрскехь «ТIелатаран доза» цIе йолчу Толаман Денна леринчу вилспетхойн къовсадаларшкахь. Волгоградерчу берашца цхьаьна цара карлабоккхур бу 1942-чу шарахь Сталинград фашисташкара схьайоккхуш Советан эскарша бина некъ.

Эскурсин дайша дуьйцур ду берашна тIеман заманахь леллачу хиламех лаьцна.

Нохчийн дешархой лерина бу Букановская юьртарчу кешнашка а кхаьчна, шайн махкахочун Советан пачхьалкхан Турпалан Нурадилов Ханпашин каш ган.