19 ветеранах хIоранна - 100 000 сом

Нохчийчоьнан Iедало 100 эзар сом совгIатдина махкахь вехачу хIора 19 Дуьненан шолгIачу тIеман декъашхочунна. Иштта, царна лерина Соьлж-ГIаларчу «Париж» кафехь кечдина дезачу дийнан пхьор а.

5000 сом делла тIеман заманахь къахьегначу 767 вахархочунна а. СовгIатийн хьокъехь хаамбинарг ю Нохчийчоьнан къинхьегаман министралла.