Нохчийчохь "Лийрйоцу полк" барамехь тутмакхашка а лацийтина дакъа

«Лийрйоцу полк» боламна юкъаозийра Толаман Дийнахь Нохчийчуьрчу набахтийн куьйгалло 80 тутмакх. Гергарчу нехан, ветеранийн, суьрташ карахь а долуш, дIагулбира лецна нах садоIучу чоьнашка.

Барамехь дакъалаьцна набахтийн куьйгаллин, прокуратуран, Соьлж-ГIалин мэрин векалша.

Турпаллалла гайтинчу гергарчех лаьцна дийцина гулбеллачарна шаьш тутмакхаша а. Хаам баржийнарг ю Нохчийчуьрчу Iедалан пресса.