Оьрсийчуьра чагIар арадоккхург мах тIетохахь...

Оьрсийчуьра чагIар дозанал арадохучу импортерашна, цара шаьш долу меттиг а ца хаийтича, шайн цIе а ца йовзийтича, Iедална луш болу акцизан мах лахбан таро кхуллуш хилла хьал хийца дагахь ю финансийн министралла, хаамбо РИА Новости агенталло.

Ткъа хийцамо йохк-эцарера йохур ю 80 процент компанеш, яздо "Коммерсанто". Цо дийцарехь, импортерашна дагахь а доцург хилла, арайолу продукци тергалъечу хьукматаша шайга хIинцале аьлла акцизаш лакхайохуш ю, леткъамаш бо чIагIар духкучу Оьрсийчуьрчу совдегарша.