Китайхь мохкбегийна, баларш а ду

5,4 балл амплитуда а йолуш, мохкбегийна Китайрчу Кашгар гIалина гергахь, хаамбина Iамеркан Штатийн геологин хьукмато.

Велла 8 стаг, 23 лазийна, 1500 сов цIено дохийна. Меттигерчу компартин декъан куьйгалхочо Фую Вонга тоьшалла до херцаршлахь кхин а массех стаг висина хиларх.

Мохкбегорца доьзна 9000 вахархочо дIатесна эпицентрера меттигаш. Бохаман тIаьхьало листа арабевлла дуккха а бахархой а, 1000 эскархо а.