Шена тIелетта ши стаг вийна полицино ГIалгIайчохь

ГIалгIайчуьрчу МаьлгIбекан кIоштахь полицин ханна пIераскан буса тIелетта ши стаг вийна, хаамбо РИА Новости агенталло, ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-центрна тIе а тевжаш.

Шиннах цхьаъ вевзина Iедална, иза ву 29 шо кхаьчна меттигера Бекбузаров Мохьмад, лохуш хилла полицино шен белхахошна тIелатарна а, тIемалошлахь хиларна а, боху хьостанаша.