Нохчийчоьнан журналистийн юкъаралло дIахьедар хьажийна дуьненаюкъарчу журналистийн федерацин Президенте Ляруш Филипе.
Шайн махкарчу ламастийн мехаллаш йохо а ца гIерташ, цигара дахар гергга талла, Нохчийчоь, цигахь гомосексуалисташ хьийзабо бохуш, гез а ца йохуш, аьлла ду Ляруше яздинчу кехата тIехь.
«Дала къобалъеш йоцчу дискуссе тхо ийзо а гIерташ, хIун лоьху либеранлан «рупорша»? …Махкахь ламастехь йоцу сексуалан кепаш ца лов бохуш, адаман бакъонаш Iалашъярхьама дуьйцучуха, лаккхарчу тIегIанашкахь доцург а даржош, цхьаболу Малхбалера политикаш эвхьаза юкъагIерта дуккха а къаьмнех лаьттачу Оьрсийчоьнан гIуллакхашна, иштта, ширачу нохчийн къоман дахарна а», боху Нохчийчуьрчу журналистийн юкъаралло шен дIахьедарехь.
Хууш ду Нохчийчохь цхьа а дозуш доцу газета, электронан хаамийн гIирс, я шаьш-шайггара болхбеш журналисташ а боцийла. Иштта къастадо гомосексуалистийн бакъо талхош хиларх баьржина хаамаш, я чуьрчу журналистийн, я, маьршша махка а баьхкина, арахьарчу журналистийн а талла аьтто бацар Оьрсийчуьрчу а, арахьарачу а бакъоларъярхоша.
Ламастерчу сексуалан кепашца боцу нах Нохчийчохь хьийзабо аьлла дуьххьара даржийра «Новая Газетерчу» журналисто Милашина Еленас. Цо чIагIдора, махкахь массех стаг вен а вийна, дуккха а нах набахтешкахь а кхобу, бохуш. Амма цкъачунна дуьззина теллина дац бакъдерг, яьккхина яц цхьана а гомосексуалистан цIе.