Пхеа беран нана йийна Таказовс

БуьритIехь кхело бехкевина 47 шо долу Кирово юьртара Таказов Георгий цо шегахь хилла зуда, пхеа беран нана, ерна.

Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратуро бечу хаамца, 2016-чу шеран цхьана гуьйренан сарахь, мелла а волуш, шегахь Iийначу зудчуьнца цуьнан цIа юкъаметтигаш къасто вахана иза. Къамледеш, девне а ваьлла, дуккхаза а урс диттина зудчунна. Важа елла дарбан цIийне кхачале.

Кхелехь ша динчу зуламна къерахилла Таказов. Набахтин луьрачу хьелашкахь яккха 9 шо хан тоьхна цунна.