СПИД яьржина Оьрсийчохь

СПИД-на дуьхьал къийсам латточу центран куьйгалхо Покровский Вадим

ТIаьххьарчу шарахь Оьрсийчоьнан бахархошлахь иммунодефицитан цамгар (ВИЧ) кхеттачийн терахь 100 эзаре хьаладаьлла. СПИД-аца къийсам латточу центран куьйгалхочо Покровский Вадима дIахьедина цунах лаьцна.

Могашаллан министраллан терахьашца, 87 эзар стаг ву стохка цомгушхилларг. Оцу лазаро лаьцнарг 860 эзар оьрсийн вахархо ву.

Ткъа СПИД-на дуьхьал къийсам латточу хьукмато чIагIдарехь, иммунодефицитан лазар токхуш цхьа 1,5 милион вахархо ву.