Оьрсийчоь кхоьруш яц Гаагерчу кхелах

Францхойн ЛБГТ-н кхаа ассоциацино Гаагерчу Дуьненаюкъарчу зуламаш луьстучу кхеле Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал арз кхачийна, "Новая газетано" цигахь гейшна тIехь Iазап ду латтош аьлла, Iорабаьхна хаамаш бахьанехь.

Кхелан сацамо цхьана а кепара юридикан тIаьхьало юьтур яц Оьрсийчоьнна аьлла, дIахьедина юстицин министро Коновалов Александра.

Цо билгалдаьккхира, Оьрсийчоь Гаагерчу Дуьненаюкъарчу кхелан декъашхо цахилар.