Your browser doesn’t support HTML5
Францин керла хаьржина президент Макрон Эммануэл нохчашца боккха озабезам болуш хила веза, социалан машанашкахула вайнахалахь дIасалелаш йолчу цуьнан твиттер тIерачу йозанаша гайтарехь.
Элп элпе доккхуш гочдина президент Макрона шен дахарехь коьртачу дийнахь цу шен твиттехь яздинарг иштта ду: "Республикин президенто санна ас официале дIахьедар до шуьга, сан коьрта Iалашо, Францехь ММА легализаци яр хир ю.
Цуьнца доьзна ас толлуш ду беккъа цхьа сайн нохчийн вежаршна лерина йоккха ММА-спорта зал схьаелла. Хийцамаш – хIинцехь юккъебохур бу“.
Ала догIу, и хаам Макрон Эммануэла шен инаугарици ечу дийнахь язбина хиларо цунна нохчашца долу вошалла а, нохчашлахь сийдолуш ларалуш йолу ММА спорт Францехь кхиор а мел мехала ду бохург гойтуш.
Делахь а, забарш а йитина аьлча, дуккхаъ нах тешна Францин керлачу президенто цу кепара нохчийн гIайгIа бо бохучух.
Ватсапехула а, фейсбукехула а вовшашка дIасатуьйсу, къаьстина Европехь бехачу нохчаша и хаам, цхьаболчара хаза кхаъ санна, Елисейн майданахь хIинца вайниг ву бохучу маьIнехь, ткъа вукхара – иза бакъ дуй-те бохучу хаттарца.
Францехь ехаш йолчу журналиста Бакаева Хазманс шен тергонехь латтайо тIаьхьарчу хенахь вуно алсамевлла йолу цу кепара нохчашца йоьзна фейк-ньюсаш. Иза тешна ю, и хаамаш ларамза баржош бац халкъалахь, леринчу цхьана Iалашонца беш болх бу иза Европера нохчийн кегирхой галбахархьама, аьлла.
Бакаева: "Вайн наха цу хIуман ойла ца йо. Дац цу тIехь нохчийн Iер-дахар тодийр ду аьлла яздина, я нохчийн берашна шайн мотт Iамо хьелаш кхуллур ду я кхинарг иштта мехала а, оьшуш а дерг. Дарже веана а валале вовшийн батош йохош долу латар Iамон комплекс йоьллур ю ша муха ала йиш ю президенто? Амма нохчаша я кегийчара а, я баккхийчара а цуьнан ойла ца йо“.
Бакаева Хазмана дуьйцу Европерчу мехкашна юккъехь къаьстина Францерчу нохчашца доьзна и кепара аьшпене керланаш сих-сиха даьржаш хиларх лаьцна кхин дIа а.
Бакаева: „Кхул хьалха Макрон президент валале оьрсийн Правда.ру сайта тIехь дара-кх иштта нохчи албанхошна дуьхьалхIиттош хIума дуьйцуш. Цунна дуьхьал яздир ас, и хIума нохчашна дуьхьал деш хIума ду шуна, аьлла. Нохчи машаре нах бац, уьш доьшуш бац, уьш даима а леташ бу бохучунна тIедалош лелош хIумнаш ду уьш“.
Кхеташ ма-хиллара, Францин президенто Макронс яздина дац нохчи шен вежарий бу я ша царна спортан комплекс схьайоьллур ю аьлла.
Цуьнан твиттер тIера агIонна тIехь бакъду Нохчийчоь хьастагIехь хьахийна ю. „Ас емалйо Нохчийчохь гейшна дуьхьал еш йолу маьттаза акташ. Францино а, Европано а дуьхьало ян еза цу кепарчу зуламашна“, -аьлла ду цо Охан - беттан 11-чохь дитина йоза.