Наркотикаш езарна набахте кхаьчна Нохчийчуьра вахархо

Шелковск кIоштан кхело 45 шо долу Лобов Сергейн бехкехилар тIечIагIдина. Полисхоша хаамбарехь, хьалхо наркотикаш лелорна кхел йинчу Лобовс дахначу шарахь юха а Шелковск кIоштахь 37 грамм акха лоручу кIомалан гIаш даьхна хилла. 4 бутт хьалха талламаш бича Лобовн хIусамехь карийна наркотик лору хIуманаш.

Зуламе тIаьхьало юьтучу гIуллакхна бехке а лерина, кхело 1 шо а, 6 бутт а хан тоьхна Лобов Сергейна набахтехь яккха.