Нохчийчуьрчу тIамех яздина Iамеркан журналист кхелхина

Гоьваьлла Iамеркан фотожурналист Грин Стэнли кхелхина пIераскандийнахь. Фейсбукерчу шен агIонтIехь и хаам баржийна Visa Pour l’Image цIе йолу дуьнеаюкъара фестивал юкъаяьккхинчу Леруа Жан-Франсуас.

Репортажаш ян влавеллера Грин 1980-чу шерашкахь. Дуьххьарлера съемка йина цо Берлинан пен охьабужучу хенахь.

Иштта Грина шуьйрра дуьйцура Нохчийчохь лаьттинчу тIемех, дуьненчохь хуьлучу тIеман кофликтех.