КIомалх пайдаэцарна набахте хьажийна Бисултанов

Нохчийчуьрчу Грозненск кIоштан кхело набахтехь яккха 5 шо хан кхайкхийна метигерчу вахархочунна Бисултанов Муслимана. Иза бехкево, боккхачу барамехь кIомал лелорна.

Талламчашна тоьшаллаш карийна, дахначу шеран гурахь Бисултановс Кени-Юьртан йистехь 1217 грамм марихуана олу кIомал яккхина, якъа а йина, шен хIусамехь къайлах латтийна хилар.