Совета Iедалан политикан репрессеш лайнарш дагалоьцу Украинехь

КIирандийнахь Украинехь дагалецира Советан заманахь политикан репрессеш лайнарш. "Быковнянан кешнаш" цIе йолчу Украинан Къоман историкан заповедникехь дIабаьхьира тезетан барамаш. Пачхьалкхан президент Порошенко Петр а хилира акцехь. ХIолламна зезагаш дехкинчул тIаьхьа Порошенкос элира "Бакъонехьа, нийсонехьа къийсам латиийначеран цIераш евзаш хила еза Украинана".

Иштта президента билгалдаьккхира 8 шо хьалха ОБСЕ-но Сталинан зуламаш нацистийн зуламашца нисдина хилар.

Гергарчу хенахь Георгийн цуьрг шайн дозан тIехь лелор доьхкуш низам тIеоьцуш ша хилара а хаийтира Украинан президенто.

Кху заманахь оцу цуьрго Оьрсийчоьно Украинана йина агресси гойту, ШолгIачу тIамехь эгначийн сий ца до аьлла хета Порошенкона.