Трампе машарбархочун дукъ тIелацар дехна Римерчу Папас

Римерчу Папас Франциска дехар дина Iамеркан президенте Трамп Доналде, машарбархочун дукъ тIелацахьара аьлла. Трампа жоп делла, ша даима а дагахьлаттор ду иза аьлла.

Трампан а, Францискан а цхьаьнакхетар хилла Ватиканехь Апостолан хIусамех.

Iамеркан президент Италера ваха дагахь ву Брюсселе. Цигахь цо дийцарш дIахьур ду Евробертан а, НАТО-н а куьйгалхошца. Цул тIаьхьа Трамп юхавоьрзур ву Итале, еарин дийнахь Сицилехь хир йолчу Джи-7 саммитехь дакъалаца.