Your browser doesn’t support HTML5
Акказин хьожа
Эльдерханова Зайнап
Больница йоккха, хаза гуш яра. Керла гIишло, Москвахь елахь а Россин йоцийла къаьсташ дара. "Американская клиника...." иштта кхиндIа а ехха яра цуьнан цIе. Мехах дарба лелош яра иза.
Цу муьрехь мах белча а, нохчи ган лууш кIезиг нах бара. ТIом болчу хенахь... бакъду, "тIом" боху дош ма ала-м боху соьга, "кампани" ду боху "аккуратни" дош.
Мухха делахь а, Нохчийчохь шолгIа «кампани» йолчу хенахь Россехь мел хуьлу вуо, мел дина зулам «нохчаша деш дара» аьлла дуьйцура...
Цундела кхоьруш, бехкала яхна, ийзалуш йиллира ас клиникин неI. Регистратурехь кехатан цуьрг елира шайна хIонс дIакхоччушехь. Медицин Iилманийн кандидатин, дерматологин Н.В. Груздеван кабинете хьовсийра тхо.
Москвахь ночийчуьнга доцчу гIиллакхе хьаьжча, цхьа хаза йистхуьлуш, хиъначуьра хьала а гIоттуш, тIеийцира цо. "Ма тамашийна болх бу хIара, – дагатесира суна. – Гена додахь а бу-кх тамаша. ХIинца тхойшиъ нохчий дуй ма-хиъинехь, сацор ду шен гIиллакх. Цул тIаьхьа, адам меха ца хеташ, дIасахоьхкур ду массо а лабораторешка", – хьоьхура даго.
Амма ша тIе ма-лаццара, собаре, хаза къамеле йолуш, оха беана бала хIун бу хьаьжира лор. Кхана а дахка дийзира. ЦултIаьхьа а... ХIоразза а эсала йист хуьлура иза. Сан гергарчу кIентан гIуллакхедаггара хьожура, шен ваше санна. Ас боккха кхаъ лорура иштта дика дика стаг Москвахь сайна нисваларх.
Гергарайолуш саннаиза хьийзарна, керста хилар а дицлуш лаьттара. Оха кховдочу ахчане ца хьожура, амма бIаьра, леррана. Санмахке, халкъе беана бала соьца бекъа гIерташ санна. Тхан гIуллакх дирзинчу дийнахь ваша ара а валийтина, со лоьрана баркалла ала дагахь чохь сецира.
Суна хIинца гергара хетачу зудчо хIетахь элира: «Зайнап, со а ма ю Соьлжа-ГIалара. Сан боллу гергарнаш цигахь дIабоьхкина бу. Мел хаза, бертахь дехара тхо. Сан нана а ю соьца, кхуза ас схьаялийна. Меттахь, кIелйисна ю иза. Весет деш санна, сих-сиха олу цо: "Нохчийн бераш хуьлу-кх шайн де-ненаца дика... Кхелхича а, арахь ца буьту цара уьш.
Сан ялар кху Москвахь хилахь а, со Нохчийчу а йигий дIайоллалаш". "Дуьненахь уггаре а хаза хьожа стенан ю хьаьий шуна?", – хаьттира цо цхьана Iуьйрана. ХIетахь чохь хилларш ойлане бехира ненан хаттаро. "Уггаре а хаза хьожа Нохчийчуьра акказин зазан ю шуна. Даймехкан хьожа акказин хьожа ю...", – ша-шена жоп луш, голашна тIе биллинчу гIайби тIе хин тIадамаш эгош, кийрахь йилхира тхан нана».
Иштта, дагахь а доцуш, вовшийн гергара хуьлуш дирзира тхан довзар.