Шайн 6 беранна орца лоьху Германерчу дас-нанас

Your browser doesn’t support HTML5

"Дика лелийна бераш цхьаммо а дIа ца доху"

Европерчу пачхьалкхашкахь нохчийн а, кхечу къомахчу доьзалшкара а, бухарчу бахархошкара а санна, цхьацца бахьанашца Iедало бераш дIа а дохий, Iуналла дан я кхечу доьзалшка, я пачхьалкхан юкъараIойлашка дIалуш хилар къайле яц.

Масех шо хьалха вуно акха а, цеце а хеташ хилла „хьенехера бераш дIадаьхна“ боху къамел хIинца жим-жима доьрзуш деладийнахь хуьлучу хиламе доьрзуш лаьтта.

…Амма керла хIума ду нохчийн нанас шегара Iедало дIадаьхначу берашна Iуналладар махкахошка шайна тIеэцахьара аьлла кхайкхамбар.

Цуьнца цхьана зудчо дуьйцу, Германера нохчийн доьзалера ялх бер Iедало дIа а даьккхина, хийрачу доьзалшка дIасадекъа кечдеш ду, бохуш. Уьш меттигерчу бахархошка ца кхачийтархьама цу берийн ненан лаам бу Европерчу нохчаша цу берашна тIехь Iунналла дар.

Шайн аьтто болучо, шайн йиш йолучо, вайн нохчийн берех дог лозучо...

Ватсапп-кхайкхам: „Хьоме махкахой, чIогIа дехар дара шуьга, цхьана зудчуьн ялх бер схьа а даькхина, яккхий проблемаш ю. Шайн аьтто болучо, шайн йиш йолучо, вайн нохчийн берех дог лозучо, и бераш цхьацца тIелацахьара, и дехар дара-кх чIогIа“.

Хаам социалан машанашкахула лела болабелчхьана дуьйна Маршо Радиоца зIене бевлла дукха нах, муха далур дара цу зудчун берашна Iуналла, уьш дола даха хIун хьелаш оьшу, хоьттуш.

Австрехь нохчийн доьзалшца а, меттигерачу «Югендамт» олучу берийн хьукматца а шерашкахь юкъаметтиг а лелош, маслаIатан белхаш бинчу Оздемирова Розина хаьа оцу хеттаршна дуьхьал муха жоп ду.

Оздемирова: „И саннарг кест-кеста тIеIоттало кхузахь вайнахана. Амма даьлла хIума а доцуш, бахьана а доцуш, бераш схьадахар хуьлуш дац. Нагахь цхьа зуда берашца ша йиснехь, я иза могуш яцахь, я уллохь хIусамда я марзхой бацахь, цу зудчо шена бовза-безачаьрга я шеца доттагIалла лелочу кхечу зудчуьнга ала деза, со ца ларйо, сан берашка хьажахьара хьо.

ТIаккха иштаниг Iедало а магош ду. Амма хилларг хилла даьллачул тIаьхьа, хIинца и бераш дIадаьхначул тIаьхьа дуккхаъ хан яьлча, и бераш «Югендамто» нохчийн доьзалшка лур ду аьлла суна ца хета. Цаьрга цигахь хьовсуш а ма бу кхин нах“.

Могушший, хазий ду аьлла, бераш доьзалера дIадаххал харцо ма яц кхузахь лелош.

ХIинцалца схьа ша белхаш бечу муьрехь нохчийн доьзале бераш Iуналлина делла меттиг шена ца хаьа боху Розас. ХIунда аьлча, цхьамогIа хьелаш кхочушдан деза Iуналла дан бер схьаоьцучара.

Оздемирова: „И бер схьаоьцучу доьзалан шена тIедогIуш тоъал рицкъ хила деза, кхидолу хьелаш хила а деза. Нохчийн доьзалера схьадаьхна бераш кхечу нохчийн доьзале дIаделла бохург хIинцалц схьа суна гучудаьлла дац“.

Нохчийн юкъараллехь уггаре а шуьйра яьржинчех миф ю, Европерчу берийн хьукматхоша къаьстина нохчийн бераш дIадоху, уьш хаза а, могуш а долун дела бохург. Оздемирова Розас иза бакъ дац боху.

Оздемирова: „Могушший, хазий ду аьлла, бераш доьзалера дIадаххал харцо ма яц кхузахь лелош. ТIаккха-м массеран бераш а дохур ма дара цара дIа! Мелхо а, оьшшучу барамехь Iуналла ца дарна, могашалла галяьлларш ма хуьлу цара дIадохурш. Я меца леларш, я школе шайца юург ца йохьуьйтуш дерш. Я да-нана даима а девнаш дохуш, чохь цу берийн психикана ницкъ бечу доьзалера доху. Бахьана доцуш, чу а лелхий, дIадуьгуш дац бераш“.

Маршо Радио шен тергонехь латтош ю Баварерчу 6 бер дIадаьккхинчу берийн хьал. Материал эфире кечъечу муьрехь, интервью лахьара аьлла, дехарца тхан къамел хилира берийн деца-ненаца. Амма шайн хьолах лаьцна дийца мелла а хан оьшу шайна, цхьацца нахах дагадовла а деза, элира цара. ТIейогIучу хенахь уьш бистхила резахиларе хьоьжур ю Маршо Радио.