Навальный эшна Медведевх лаьцна цо яржийна филм луьстучу кхелехь

Москох Люблинан кхело коррупцина дуьхьалояран фондан куьйгалхо Навальный Алексей декхаревина премьер-министр Медведев Дмитрий коррупцина бехкевеш ша яржийна филм интеренетера дIаяккха. Листинчу девнехь тоьлла оппозиционерца къовсамеваьлла олигарх Усманов Алишер.

Усмановс а, кхиболчу хьолахоша а Медведевна гIишлош, кхиболу бахам совгIатбар кхаъ балар ду алар харцдерг ду, цо сийсазйо нехан цIерш, аьлла бу кхелахочо Васина Маринас кхайкхийна сацам.