Киеверчу Подолехь Украинан полицин батальонан бIаьхошна Осамев Адамна а, Окуева Аминина а, к1ело еш яьккхина, тапча йиттина цкъачунна цIарца вуьйцуш воцчо. И хаам баржийна Украинан чоьхьарчу г1уллакхийн министран коммуникацин департаментан директора Шевченко Артема.
Маршо Радион хьостанаша билгалдаккхарца, Францерчу "Le Monde" газетан корреспондент ву ша аьллачо «интервью эца» кхайкхина хилла зудий, майрий.
Киллер тапча етта волавелча, шегарчу тапчанца дуьхьалоеш, иза лазийна Окуевас, боху Шевченкос.
Осмаев Адам а, тIелеттарг а дарбан ц1ийнехь бу. Муьлхачу хьолехь ву Осмаев цкъачунна хууш дац.
Бехктакхаман гIуллакх долийна полицино.