Шуьйтарчу полисхочунна кхаъ кховдорна - 3 шо

Полисхочунна 15 эзар сом кхаъ баларна Шуьйтарчу Джамбекова Луизина 3 шо хан тоьхна арахь яккха.

Кхело бинчу къастамо бахарехь, Шуьйтарчу базаран кертарчу туьканахь, лицензи а йоцуш къаьркъа духкуш ша гучуяьлча, делла хилла зудчо и ахча полисхочунна.