Заводской кIоштарчу кхело цензура тоьхна рогIерчу видеоматериална

Блогеро Давыдов Ильяс яржийна «Maddyson исламах а, Къуръанах а, бусалбанех а» («Maddyson об Исламе, Коране и мусульманах») цIе йолу интернетера видео Соьлж-ГIаларчу Заводской кIоштан прокуратуран лаамца оццу кIоштан кхело «Федералан экстремизмаллечу материалийн тептара» язйира хьалхо.

ХIинца оцу сацаман лорах Оьрсийчоьнан юстицин министралло, зуламе а лоруш, ерриг а пачхьалкхан тептара яьккхина и видео.