Висаитов Асланна дихкина латарш

Нохчийн греко-римлянийн кепехь латархочунна Висаитов Асланна дуккха а шерашна дисквалификаци йина антидопинган низамаш тIехтасарна.

Кегийрхойн Европан чемпионат йоьдучу хенахь спортхочуьнгара эцначу допинган экспертизано тоьшалла до, Висаитовс низамаша йихкинчу молханех пайдаоьцуш хиллийла.