Ахматукаев Адам. Бахьана

Your browser doesn’t support HTML5

Бахьана

(Муртазалиева Зараана)

Сох хIокху йоккхачу шахьаро
Кхайкхаза веана хьаша во,
Аз хезаш вистхила вахьаро
Сан дешан бакъо а кхачайо.

Когашка дегI охьасеттадеш,
Ов идош букъсуьртан бохалла,
Харц дуьне кIари чохь гат а деш,
Хьийзаварх, соьга сатохало.

Нохчи со хилар ду бахьана –
Чалтачийн кхиэлана хIоьттинарг.
Бехкаш ас тIелецар яхьана
Царна-м шайн чIагIо ю моьттина.