Ахматукаев Адам. Юрт тIаьхьаелхош

Your browser doesn’t support HTML5

Юрт тIаьхьаелхош

ДIакхачалуш ду де а, малхехь даьгна,

ДIо регIа Iенош Iожах богу бос.

ДIаюхуш йолчу пхьоьхано, вайх хьаьгна,

Вайн уьйр-марзонаш доьзалшна чухьо.

Ткъа вай-м юха а хIокху пхьоьханера

ДIагуллур ду вайх цхьаннан хIусаме.

И гIиллакх цIера ду вайн жималлера –

ДIасацадовлар, пхьуьйре екъна бен.

Ткъа кхана-м, вайна малх а гIийла гIоттуш,

ДIахедар беца пхьоьхане цхьа некъ:

Юрт шена тIаьхьайоьлху тезет хIоттош,

Вайх цхьамма бийр бу тховса тешнабехк.