Беннет: "Нохчаша къаьркъа чайникчохь муьйлу"

Your browser doesn’t support HTML5

Беннет: "Нохчаша къаьркъа чайникчохь моьлу..."

Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь уггаре а кIезиг къаьркъа молучарех къастийна ю Нохчийчоь. Цул тIаьхьа ю ГIалгIайчоь. Ткъа уггаре а чIогIа молу регионашна юкъахь Москох-гIала а, Коми республика а, Магадан кIошт а ю. И таллам гIарабаьккхина Роспортребнадзор олучу Iедалан хьукмато.

ХIора шарахь бечу оцу талламан бухе дуьллу, тергоне эцначу регионехь малар дохкаран барамаш. ТIаккха кхета Нохчйичоь, масала, муха кхаьчна оцу тептара юккъе-кхузахь ерриге а республикехь а ши туька бен яц малар духкуш. Кхиерш цхьа шо хьалха дIакъевлира, официала хаамашца, долахойн шайн лаамца.

Ткъа молуш буй Нохчийчохь аьлла, хаттар делира ас Соьлж-ГIаларчу вахархочунга. Цхьана хенахь йий духкуш хиллачу Муталиев Лом-Iелига.

Муталиев: "Вайн кхузахь молушберш дукха бац аьлла моьттина хир ду, кхузахь ши туький бен болх беш яц аьлла. Ма дарра дийцича, дукха а бац вайн цIахь молуш. Мелча а, шен чохь цIахь Iа, нахала а ца вуьйлуш".

Малар массо а агIора емал деш долу дела, оцу пропагандо шен болх бина. Цуьнах бетталурш дукха бац. Амма хIун мах луш бу нохчаша цуьнах? ХIинца махкахь яьржина ю молханех еш йолу наркотикаш, аьлла кхин дIа а дийцира Муталиев Лом-Iелас.

Муталиев: "И малар ницкъалха дититина хилча, цуьнах кхин хIума гучудолу. Кхин бала юкъаболу. Вайн кегирхой яйн наркотикаш олучу молханна тIехевшина. Аптекашкахь молханаш а оьций, я шаьш кечйой, пайдаоьцу цара".

Соьлжа-гIалахь ши-кхо шохьалха хилла ву Iамеркера турист Беннет Роберта. Ша цхьанхьа а мелла дацара къаьркъа чайник чуьра, Соьлж-гIалахь бен, аьлла дийцира цо.

Беннет: "Тхо цхьана бар чу дахара. Соьца хилла накъостий чIогIа самукъадаьлла бара. Со чIогIа цецвелира къаркъа чайник чу доьттича. Амма компани чIогIа дика яра. Суна чIогIа хаза хеттера цаьрца хилла".

Шеца хилла нохчий чIогIа самукъадаьлла бара. Уьш кхоьруш а бацара, со санна, аьлла кхин дIа а дуьйцу Iамеркера туриста Беннет Роберта.

Беннет: "ХIан-хIа, бакъдерг дийцича, кхоьруш верг со вара, со цигара воцу дела. Уьш цигара бара, церан самукъа а даьллера, буьйлура. Сан а делира тIаккха самукъа".

Роспортребнадзоро Оьрсийчоьнан регионех уггар а кIезиг молурш муьлхарниш ю аьлла бинчу талламна массо а реза аьлча, нийса хир дац.

Магаданан кIоштан губернатора Печеный Владимира ша тIе ца оьцу аьлла и талламан жамIаш. Шайн регион массарел а дукха молу регион яц. Магаданан кIошт-могуш, хьекъале, гIеххьа молучу нехан мохк бу, аьлла билгалдаьккхина цо.