Къола дарна къера хилла Нохчийчохь жима стаг

Ша къола дарна бехке хилла КIуршлойн кIоштарчу полицин декъе веана 28 шо долу меттигера вахархо, хаам бо МВД-н республикерчу урхаллан зорбанан сервисо.

Цу жимачу стага дийцарехь, карарчу Мангал-беттан 8-чу дийнахь, Гелдаганахь «Лада Приора» \машенчура нотбук лачкъийна хилла цо, долахочун 74 эзар сом зе а деш.

Полицино дIахьош бу таллам.