Нохчийчуьрчу полицино бехкалара ваьккхина Амриев

Амриев Мурад а, цуьнан йиша Мадина а Соьлж-ГIаларчу зорбанан конференцехь.

Нохчийчуьрчу полицино сацийна шаьш спортхочун Амриев Мурадана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бина МВД-н Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Цу хаамца а догIуш, Соьлж-ГIаларчу полицин номер 3 йолчу декъан талламхочо кху беттан 14 дийнахь сацам бина и гIуллакх таллар сацо. Полицин векалша дийцарехь, Амириев лаьцна вара цо зулам дина хиларна шеко йолуш.