Оппозицин «Кхолларан боламо» кечам болийна 2020-чу шарахь Гуьржийчохь хир болчу парламентан харжамашкахь дакъалацар Iалашонца.
Кху шеран Охан-баттахь политике юхавирзинчу парламентан спикер хиллачу Усупашвили Давида дIахьедар дина, махкахь керла политикан партии кхоллар. Цу партин Iалашо ю парламентан харжамашкахь толам баккхар. Цу юкъахь бу дуккха а Гуьржийчохь бевзаш болу нах.
Усупашвилин партин лаам бу махкахь долу "диканиг лардар, вониг хийцар, тоьаш доцург кхоллар".