Ватсап - Ойсхара: цIенош дIахьокхуш гайтарна лаьцна Матаев

Ойсхарара (Гуьмсан кIошт) Матаев Расул лаьцна цо шайн юьртан юкъ шоръеш дIахьокху цIенош интернетехула гайтарна.

Дохочу урамехь цхьа цIа дитина – Iедалехь лаккхарчу даржехь ву цу чохь ехачу зудчун ваша, тоьшалла дора авторо.

Ши кIира ду юьртахь сихбина болх хьон – шен деден Кадыров Сулимин цIарх маьждиг дойтуш ву мехкан куьйгалхо Ойсхарахь.

ДIадахначу кIиранах "Кавказ.Реалии" хьостано хаамбира дохочу ураман суьрташ а, видео а яржорна Оьйсхарахь 15 гергга стаг лецарх. МатаевРасулан телефончохь карийна Iедалхошна дохочу ураман суьрташ, видео.