Соьлж-ГIалахь гIу йоккхуш сероводородах велла белхало

Соьлж-ГIалахь нахана гIу йоккхуш хиллачу шина белхалочунна ун даьлла сероводородан Iаьнарх, хаамбо Нохчийчоьнан орцан урхалло.

7 метр бухахь къахьоьгучу накъостна вон хилча, гIодан чувоьссина цуьнан накъост – иза а вожийна Iаьнаро. Сихха кхаьчначу орцанхоша хьалабаьхна гIучуьра белхалой.