Дербентера бохам: хIордо баьхьинчех велла карийна шолгIаниг а

ХIордо селхана ваьхьначу кхаа кIантах шолгIаниг а велла карийна бердца, хаамбина Дагестанан орцан урхалло.

«Ши сахьт долуш карийна дакъа. Хино баьхьначех кхоалгIаниг лохуш ву», - элира орцан декъан векало «Кавказ.Реалиига».

I80 стаг ву хино баьхьинчарна орцахваьлла. Иштта, гIодо царна Дербентерчу бахархоша а.

Кхаа жимчу стагах цхьаъ велла, хино бердайисте кхоьссина карийра селхана сарахь.