Шемина орцахъяьлла Кадыровн фонд

Алеппора Омеядийн а, ХIомсера Халид ибн Валидан а маьждигаш шо даьлча меттахIиттийна латтийта сацамбина Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо, хаам баржийна оцу фондан Шемарчу векало Даудов Туркос.

Ший а маьждиг уггар ширачех ларало Шемахь. Дохийна уьш карарчу заманан тIемаша.

Даудовс дийцарехь, боберийн ши хIусам а йийр ю фондо Шемахь.