Гуьмсерчу туьканашкахь экстремизмалле книгаш лоьху кIоштан къедас

Нохчийчуьрчу прессо бечу хаамца, Гуьмсерчу книгаш юхкучу туьканашкахь рейд дIаяьхьна кIоштан къедас Абдулмуслимов Амира а, мехкан куьйгалхочун динан а, юкъараллан а организацешца зIе латточу департаментан эксперто Кимаев Юсупа а, прокурораша а.

«Экстремизм яржош йолу литература, ладогIа, хьажа йихкина видео туьканашкахь ца карийна, хьалха и тайпа материалаш нислуш хиллехь, хIинца уьш яц, туьканаш ларло харц литература шайгахула яржарх», - аьлла ду муфтиято рейд йирзича дина жамI.