Стаг а вийна, полице вахана гермачигхо

Шелан кIоштан Гермачикарчу шиннан даьлла дов дирзина цхьаммо юьхьах борхIазза урс тоьхна, важа верца. Массех сахьт даьлча, ша полице вахана стаг вийнарг. Таллам болийна прокуратуро.