Нохчийчохь ялтанаш чудеррзо техника тIе ца тоьа

Ялта чудерзо буьйлабелла Нохчийчуьрчу юьртабахаман аренашкахь. Оцу юкъанна юьртабахаман министралло ChechnyaTODAY агенталле бахарехь, комбайнаш, тракторш а, кхийолу техника а тIе ца тоьа ялта чудерзо. 70 процент техника ерриг а ширъелла ю.

Иштта юьртабахаман урхалло хаамбина, кху шарахь догIанаш, йочанаш лаьттинехь а, дукха ялта цаэшийна хиларх.

Стохка саццаза ихинчу догIанаша 23 эзар гектар латтанаш тIера ялта хIаллакдинера.