ТIерлойн гулам хилла Итон-Кхелахь

Итон-Кхелан кIоштарчу ТIерлойн лаьмтIехь вовшахкхетар хилла шоьтадийнахь ТIерло тайпан векалийн. Барамехь дакъалаьцна Москвахь а, кхечу регионашкахь а бехачу оцу тайпан тIаьхьалоно. Иштта луларчу мехкашкара хьеший а, журналисташ хилира цхьанакхетарехь.

Гулбеллачарна лерина кеп-кепара конкурсаш дIаяьхьира, суьртийн гайтамаш а хилира.